Враги Иблиса


Channel's geo and language: Russia, Russian
Category: Religion


Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman
Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Related channels  |  Similar channels

Channel's geo and language
Russia, Russian
Category
Religion
Statistics
Posts filter


1083-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Йохк-эцар лелочо цу ша юхкуш йолчу хӀуманна мел ахча тӀедаккха мегар ду? 30% бен тӀетоха ца мега бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац, бусалба дино хӀоттийна барам бац хӀоккхул тӀедаккха деза аьлла а, я хӀоккхул бен тӀедаккха мегар дац аьлла а, хӀума юхкуш волчо шена лаахь итт мах тӀебаккха а - иза цуьнан бакъо ю, иштта оьцучуьнан а ю шен бакъо: шена лаахь оьцуш, ца лаахь Ӏаддаюьтуш. Амма цхьа хӀума ду мегар доцуш: ша мел дукха тӀедоккхуш делахь а ша белла боцу мах белла бохуш харцдерг дийца мегар дац. Кхин а, цхьана хӀуман тӀехь махкахь къоьлла хӀоьттиначу хенахь а мегар дац мах хӀинццалц лелаш хиллачул а совбаккха.

https://t.me/Vragi_iblisa


1082-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Мот-эладита, гӀийбат, нахана тӀехь харцо кхуллуш болчу нехан меттиг жоьжахати ю, ялсамане яц, аьлла Мухьаммад-пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) бохург бух болуш къамел дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац.

https://t.me/Vragi_iblisa




1081-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ГӀурба масех стага ахча вовшахтоьхна, уьстагӀ эцна ден мегий?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мегар ду, ял хир ю, ахь цу юккъехь лаьцначу декъан бараме хьаьжжина ял хир ю.

https://t.me/Vragi_iblisa




1080-гӀа Хаттар: ГӀурба дер массарна а тӀехь ду?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
ГӀурба ден аьтто болчунна тӀехь ду.

https://t.me/Vragi_iblisa




1079-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏийда-ламаз зударша дан мегаш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ӏийда-ламаз боьрша нахана санна тӀехь ду зударшна а.

https://t.me/Vragi_iblisa


1078-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏийда-ламаз деш такбир мосазза до ши куьг хьалаайба дезий? Кхуза маьждигехь иштта деш хилча шен чохь дан мегий и ламаз?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Суннат ду айбар, ткъа Ӏийда-ламаз нахаца дан деза, суннат-м маьждигехь ца деш цхьана арахь дича дара иза, амма вайн цӀахь иштта деш дац, цундела цаьрца маьждигехь дан мегар ду, ткъа цига вахаза цхьана агӀора висинчо шен чохь ша дан а мегар ду, делахь а, маьждиге а ца воьдуш ша дийр ду ша аьлла дӀахӀоьттина дан мегар дац.

https://t.me/Vragi_iblisa


1077-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏарафат дийнахь марха ца кхаьбначо юха тӀекхаба йиш юй кхечу дийнахь?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Яц, цуьнан хан тӀехъяьлла.

https://t.me/Vragi_iblisa


1076-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏийда дийнахь урс хьаккхалц я Ӏийда-ламаз даллалц яахӀума яа ца мега бохург бух болуш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца мега бохург бух болуш дац, амма ца юууш Ӏар суннат ду бохург бух болуш ду.

https://t.me/Vragi_iblisa


1075-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏарафат дийнахь корта башар суннат дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Дац.

https://t.me/Vragi_iblisa


1074-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Кхана Ӏарафат де ду, вайна ма-хаара, тӀаккха лийча оьший?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца оьшу Ӏарафат де ду аьлла лийча-м.

https://t.me/Vragi_iblisa




1073-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зуда ялийна волуш зударшца дужуш долу боьха къа лелош волчунна хӀун таӀзар догӀу?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Даккхийчех, боьхачех къа ду цуьнгара долуш дерг, зуда ялийна велахь а, ялоза велахь а! Ткъа цунна хин болу бекхам - буьххьехь готта болуш, лахахь шуьйра болуш боккхачу яй чохь цӀергахь багор бу уьш, аьлла, дийцина хьадисехь.

https://t.me/Vragi_iblisa


1072-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Эрмалочуьнца боьха къа даьлча шен цӀийца лийча веза бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац, амма цу тайпа боьха къа хьаьнцца а хиллехь а даггара дохковийла везаш хьал ду.

https://t.me/Vragi_iblisa




1071-гӀаХаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Масала: цхьанхьа вахана ву хьо, лаьтташ хи ду, тӀехьаьжча цӀена долуш, тӀаккха цуьнца ламаз эца мегар дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мегар ду дера, вайн дуккха а нахана юккъехь болу кхетам нийса бац, арахь лаьтте, я вуьштта куз белахь, кхузахь цӀена ю-яц ца хаьа олий ламазе ца хӀиттар, иза нийса дац, мелхо а, хьуна схьагуш нажас яцахь и меттиг цӀена ю. Хин хьожа а, бос а, чам а нажас кхетта дацахь, хи цӀена ду.

https://t.me/Vragi_iblisa


1070-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Мекх муха лело мегаш ду дино ма-бохху? Ӏумар ибн ХаттӀаба деха лелош хилла олуш хезнера суна, бакъ дуй иза? Деха лело мегий и юучух хьакхалуш, бухера дӀадоккхуш хилча?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Маж дӀаяьккхина мекх лело мегаш дац, амма можаца мекх леладарх хӀумма а дац, Ӏумаран хилла бохург бакъ ду, лело мегаш а ду, лакхара балдал охьадолуьйтуш ца хилчхьана.

https://t.me/Vragi_iblisa


1069-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ХӀусамдас гӀурба дийча хӀусамнанна тӏерадолий? КӀанта дийча дений-нанний тӏерадолий?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Долу, цо шена а, шен охӀлунна а тӀера олий дуьйр ду, тӀаккха уьш цу юкъагӀур бу.

https://t.me/Vragi_iblisa

20 last posts shown.